ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Резистор (инг. resistor, догӀуш ду лат. resisto — дуьхьало яр) — электрикин зӀен партал элемент. Идеалехь цуьна токан дуьхьало яр доцург кхин билгало хила ца еза. Идеалан резисторин даимна зӀен декъан Оман закон нийса хила деза: резисторан тӀехь йолу цӀеххьана булам нийса пропорцехь хила еза цунахь чекх йолу токаца . Амма муьлха а резисторан, маьлла а елахь, йолуш ю паразитан токан чухоам а, паразитан индуктивность а, сизийн йоцу вольтан-амперан характеристика.
↪ кхин дӀа ›››
Бисулта́нов, Асланбе́к Гирма́нович (1956 шо — 2001 шо) — нохчийн паргӀат кепара латархо, хьалхара нохчийн СССРн, Европин а, Дуьненан а чемпион, СССРн Сийлахь спортан говзанча.
Асланбек Бисултанов леташ вара 100 кг йозалла тӀекхаччалца беза болу латархойн юккъехь. Цуьнан
тренер вара
Дэги Багаев.
1973 шарахь цо толам беккхира къоначу латархойн юкъахь йолу СССРн Кубкехь а, чемпионатехь а.
1976 шарахь
Одессехь хилла йолу чемпионатехь иза хилира массарелла къона СССРн чемпион — цу хенахь иза ткъа шо кхачаз вара.
1977 шарахь иза хилира СССРн а, Европин а, дуьненан а чемпион. Цунна «1977 шаран Дуьненан чемпионатехь тоьлла латархо» цӀе а елира, «Дуьненан чемпионатехь массарелла доца къовсарах» цӀе йолу Кубок а елира.
↪ кхин дlа ›››
Э́йфелин бӀов (фр. la tour Eiffel, МФА(Франц.): [la tu.ʁ‿ɛ.fɛl]) — уггар евзуш йолу Парижан сийлахь меттиг, дуьне ма-ду евзуш йолу Францин билгало. Цунна цӀе тиллина иза кхоьллина конструкторан Гюстав Эйфелин сийдеш.
2006 шарахь цуьнга хьажа веанера 6 719 200 стаг. Иза йиначул тӀехь 2007 шаран 31 декабрь кхаччалц деанера 236 445 812 адам. Хьажа бехкинарш 1889 шо дуьйна 2007 шаран 31 декабрь кхаччалц. Иза йинера цхьа хан ялча дӀаякхархьам — Эйфелин бӀов яра 1899 шарахь Парижехь хилла йолу Дуьненан гайта хӀотторан чекхволу нартол. Амма радиоантеннаш хӀотто дика меттиг хиларан иза йитира.
↪ кхин дlа ›››
Хаьржина могӀамаш а койнаш а
Таханлерачу дийнахь ... (4 август)
Эспера́нто (Esperanto) — массарелла баьржина болу кхоьллина мотт. Иза кхоьллина Варшавера окулистас Лазарь (Людвиг) Маркович Заменгофс 1887 шарахь. Хьалхара эсперантон маттахь арахецна жайна дара «Lingvo internacia. Antaŭparolo kaj plena lernolibro» («Халкъашна юккъера мотт. Дешхьалхе а, юьззина Ӏамат а»). Заменгофас эцна харц-цIе — Эсперанто («Сатуьйсуш верг») — кеста цо кхоьллина меттан цӀе хилира.
Эсперанто буьйцуш болу нахах олу эсперантхой я эсперантофонаш.
Тахана дуьненахь бу, тайп-тайпана мах хадорашка хьаьжна, масийтта бӀе эзар я масийтта миллион стаг эсперанто хууш.
↪ кхин дlа ›››
Шена нохчийн маттахь язъйа хуучо кхоллийша цӀхьан хӀумнах лаце яззам, ишта чулацаман йоцо коьрта цӀе йолуш кхолла, масалла:
Бухар "Сан яззаман цIе" долче хьай яззаман коьрта цIе язъйе.
|